Регистрация

Чтобы смотреть полные анкеты, большие фотографии, знакомится, комментировать и общаться, необходимо зарегистрироваться. Зарегистрированный пользователь имеет массу возможностей: неограниченное место для хранения фотографий в оригинальном качестве, удобная и быстрая загрузка фото, советы и отзывы профессиональных фотографов.

Доцург ду алар.

Нохчийн меттан де. И кхо дош цхьана хезча, чIогIа тамашийна хийтира суна. Кхоллаелира, вовшах тера йоцу ойланаш. Цкъа, ма дика ду-кх, хIаллакьхила герга баханчу маттана, хIинца мукъане а, Iедал тIедерзина аьлла, хаза хийтира. Вукха агIора, кхетара, хIокху Iедалийн векалшна а (нагахь санна и бакъ делахь) иштта цхьа де къасто хьекъал тоьънехь, эзар шерашкахь шен хазала ца йойуш схьабеанчу вайн маттана хьалха хIоьттинарг боккъалла а хала зама юйла. ТIаьххьара бохуш чIагIда-м, даго ца вуьту, амма хIетте а…
Байдо Вахин воI Iусам
Цхьана хенахь, советан Iедал дохале ду иза, дукха ца бинехь а, газетехь болх бина аса. Хаза зама яра иза, кхин дIа хир долчун алсам а, дика а сатийсамаш болуш. Цхьанне а ца хаара (вуочо гIенахь а ца туьйсура и дуьхьал) цхьа ши-кхо шо даьлча мохк а, къам а хIинца вай долчу Iин бухахь хир дуйла. Дага оьху, оццу хенахь хилла болу къийсамаш, - уьш дукха хьолахь, маттаца боьзна бара. Лаара, вайн телевиденехь а, радион тулгIенаш тIехь а – йозанан хаамийн гIирсаш-м, буьйцуш а бац - нохчийн мотт хезийла. Кхетара, безамца иза кхиорца бен, массо а дийнахь аьлча санна, гатталучу хIокху дуьненна тIехь вайн халкъан меттиг ларъйойла доцийла. Иштта, ишколех лаьцна а дуьйцура. Кест-кеста статьяш яра ара юьйлуш яьлхалгIачу я, ворхIалгIачу классе кхаччалц, берашна Iилмаш Iамош болу берриг болх, ша-тайпа хало йоцуш, ненан маттахь дIакхехьа аьтто бу бохуш.
Дукха хан яьлале кхи баланаш хьалха бевлира вайн: йозуш йоцу пачхьалкх кхолар, тIакха и пачхьалкх бусулба динан новкъахь дIанисяьр – цу тIехь сецира дукхах болчеран ойланаш... ХIинца вай, дийцарехь, тIетаьIIина, Оьрсийчохь дIатарлуш ду. Цхьаболчу оьрсел чIогIа, церан оцу пачхьалкхан муьтIахь дуйла а, хаза а, оьзда а доцчу кепара мохь бетташ кхайкхош, вешан цIий Iенош, дуьненна а дIагайта гIерташ. Эрна ду иза, хIунда аьлча, оьрсийн махкахь Нохчийчоьнна тоххарехь кечъйина шен цхьа метиг ю. Муьлха, оьшуш дац дийца, массарна лиъча а, хIуъа-муха баьхча а, цхьа а хIума, цкъачунна (кхана хIун хир ду ца хаьа) хийца таро яц вайн.
Оцу-тайпа, ца оьшуш долу хIуо лестор хета суна, нохчийн меттан аьлла, билгалдаьккхина долу и де а. Ши эзар кхозлагIчу шарахь халкъо хаза а хеташ тIеэцна бохучу, республикан конституцин агIонаш тIехь, угар Iаьржчарех цхьа соне а къастийна, цига иза вай ваьш (нагахь санна, оцу референдумехь вай боккъалла а дакъа лаьцнехь) тоххарехь дIатаIийна.
Нохчийчоьнан хIинцалерчу коьртачу низаман итталгIачу артиклан хьалхарчу декъехь, масала, дIаяьздина ду республикан оьрсийн а, нохчийн а меттанаш пачхьалкхийн меттанаш санна лоруш ду аьлла. Амма кхин гена ца бовлуш и низам хIоттийнчара, оцу артиклан шолгIачу декъехь хедайо нохчийн меттан бакъонаш: цу тIехь цара яздина - халкъашна юькъахь лелаш берг, къаьсттина оьрсийн мотт бен бац аьлла. Пачхьалкхийн гIуллакхаш дIакхехьа а, цуьнца бен йиш яьц. Iедалийн урхаллашкахь нохчийн мотт ахьа бийцахь, схьаян я дIахьо бохучунна тIе баьккхина. Цхьа кехат ара далийта йиш яьц оцу маттахь. Арахецча а, цхьаммо иза хIинцачул тIаьхьа тергал а дийр дац.
Хаттар кхоллало, стенна тIехь гучу йолу нохчийн меттан конституцино дIакхакхийна йолу и пачхьалкхийн амал?..
Шен халкъан мотт безачо цуьнан цIарах денош ца кхайкхадо. Денош, уьш-м дIадаьлла долу цхьа хIума дагадаийта билгалдохуш хуьлий. Вайн мотт, цкъачунна дийна бу. Иза кхин дIа а кхиорна таронаш, аьттонаш лоьхуш хила деза Iедал а, вай массо а. Ишколашкахь и Iаморна алссам хан юьтуш, цу тIехь шортта жайнаш зорбане дохуш. Газеташна тIехь, телевиденехь, пачхьалкхийн урхаллашкахь иза чIагIбеш, кхиош, нахана юкъахь, ма-хуьллу баржо некъаш лоьхуш, цуьнан хазалла гойтуш талламийн белхаш арахоьцуш.
Цхьана дийнахь а боцуш, шерашкахь шортта къахьега дезаш болх бу иза. Де къастор-м, соьга хаьттича, иза ловзар ду, ца динарг дина алар, доцург – долуш санна ду моттийтар. Нохчийн маттахь цхьана дешца, ишттачух "моттаргIанаш" олу...
Блог imam_beno  |  10.07 12:08

Комментарии

© 2005-2012 Me-Design  |  Техподдержка